Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас кхидІа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хІума ма яалаш. ХІорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагІий, гезарий, сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. КІоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. Делахь а, нох доккхуш долчех я кІоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хІорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гІамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю. Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта. Хи чохь дехачу дийнатех кІеда а, онда а пелагаш дерш даа. Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду. Олхазарех а даа хьанал дерш. Амма царах долу хІорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а, шен тайпанашца муьлхха къиг а, страус а, бухІа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, соька а, ибис а, кІайн бухІа а, пеликан а, сип а, чІерийдохург а, аист а, шен тайпанашца зуя а, хІуттут а, бирдолаг а. ТІемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш. Ткъа тІемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду.
Выбор основного перевода