Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». «ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Шаьш Далла лерина а хилийта, цІена а хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Суна хьалха цІена хила, хІунда аьлча Со, Веза Эла, цІена ву. Ас кхечу халкъех дІакъастийна шу, Сайн хилийтархьама. Мелхо а, шаьш а цІена хила, шайн лелар а цІена хилийта, шаьш ТІекхайкхинарг цІена ма-хиллара. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву».
Выбор основного перевода