Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаммо цу сагІин жижиг кхоалгІачу дийнахь даахь, и сагІа къобал хир дац. СагІа даьккхинчунна цхьа а шапаІат хир дац иза бахьанехь, хІунда аьлча и сагІа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо. Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цІена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагІин жижиг даа хІоттахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза». Мусас кхидІа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хІума ма яалаш.
Выбор основного перевода