Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
шен тайпанашца муьлхха къиг а, Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. Цхьа а къеелла йолу хІума ма яа, муьлхачу шун гІаланашкахь вехаш волчу тІевеанчу стагана дІало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дІадохка и жижиг, хІунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хІума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».
Выбор основного перевода