Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
АхІуда цаьрга элира: «Суна тІаьхьахІитта! Везачу Эло шун мостагІий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхІудана тІаьхьахІоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тІехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. Шен эчигах йина йолу исс бІе гІудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дІахьажийра цо. ТІаккха Эли-ЯхІус цаьрга элира: «Схьалаца БаІалан пайхамарш! Царах цхьа а дІа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхІус уьш, Къишун-хи тІе а бигна, цигахь байира. Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
Выбор основного перевода