Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен стунден маданхочун РаІалан кІанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хІунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла». Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига.
Выбор основного перевода