Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гІалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гІалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гІалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, Цул тІаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаІа. (Хьалха Хьацор-гІала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гІала хилла.) Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Шен эчигах йина йолу исс бІе гІудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дІахьажийра цо. Сисрин гІудалкхашна а, эскарна а тІаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дІабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло. Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
Выбор основного перевода