Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа хІинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цІеро санна, дерриг а дІакхоллург волу. Цо уьш хІаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дІа а лохкур бу, хІаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара. Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, сихха царна тІе гІо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Амма шу меллаша девр ду ара, дІадовдур дац, хІунда аьлча Веза Эла гІур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тІаьхьаваьлла вогІуш.
Выбор основного перевода