Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. ДоьалгІачу дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХІетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цІа а дагор ду. ЧІим санна, тхо цІандан кхайкхинера аша?» Шен голаш тІехь Делилас Шамшон дІавижийра. Иза тхьаьвсинчул тІаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхІ чІаба дІахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дІа а баьлла, дІахІоьттира. Микас шен нене элира: «ДагадогІий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бІе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза». Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кІант!»
Выбор основного перевода