Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цара деза тІорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагІонан цІа чу диллира. Цара иза ДагІонан суьртана уллохь охьахІоттийра. ШолгІачу Іуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагІонан тІулгах дина долу сурт Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш. Хьала а айдина, ДагІонан сурт цара ша хиллачу дІахІоттийра. Вукху Іуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш долу ДагІонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неІсагІи тІехь Іуьллуш. Дохоза дегІан гІад диснера. И бахьана долуш таханлера де тІекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гІаларчу ДагІонан цІа чу шаьш баьхкича, цкъа а неІсагІи тІе ца бовлу. Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тІорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагІонна а». Цул тІаьхьа пІелаштамхоша Шаулан герз шайн цІуш лаьттачу цІенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагІонан цІийнан чохь ирхъоьллира.
Выбор основного перевода