Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера, амма Везачу Элан цІарца ас уьш эшийра. Цара суна массо а маьІІера го бинера, амма Везачу Элан цІарца ас уьш эшийра. Накхармозийн жІугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цІе санна, уьш сихха дІабайира. Везачу Элан цІарца ас уьш эшийра. Цара Іийса леррина тергалвора, Цунна тІе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тІехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Іедале дІаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш. Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гІалин кевнаш лардора иза верхьама.
Выбор основного перевода