Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина. Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
Выбор основного перевода