Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг. Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.
Выбор основного перевода