Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргІат а дохур ду». Ткъа цара жоп делира Іийсага: «Тхо ИбрахІиман хІух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргІатдевр ду“?» Іийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хІора къа латош верг цу къинан лай ву. Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кІант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. Иштта, нагахь Адамийн КІанта шу паргІатдахахь, шу билггал паргІат хир ду.
Выбор основного перевода