14
Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира.
Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу.
ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу».