Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
Выбор основного перевода