Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Дала элира ИбрахІиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цІе туьллур ю. И цІе хир ю Сарат. Иза декъал а йина, цунна кІант лур ву Аса. Цу кІентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу». ИбрахІим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БІе шо кхаьчначу сан кІант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?» Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. Дала ИбрахІим а, цуьнан тІаьхье а къастийна елахь а, ИбрахІиман тІаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю». И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен. ХІунда аьлча Дала дина ваІда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогІур ву, тІаккха Саратан кІант хир ву».
Выбор основного перевода