Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. ХІорра а, Дала керлачу дахаре тІекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хІумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргІатвала хьайн аьтто белахь, паргІатвала а хьажа. ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хІунда аьлча шух беза мах белла. Динан вежарий! Далла хьалха хІорра а Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса.
Выбор основного перевода