Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цІарах къиношна гечдийриг хилар». Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю. ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка. Шу хаза догІуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тІаьхьахІитта новкъарло?
Выбор основного перевода