Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Муса лома тІе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тІера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тІаьхьене, исраилхошка, дІаала: Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дІадийцархьама. ХІунда аьлча шу, цІерах шаьш кхерарна, лам тІе ца довлура. ХІетахь Везачу Эло иштта элира: ХІара хьехамаш лам тІехь волчу Везачу Эло чІогІачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦІерана а, мархина а, Іаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хІумма а ца элира. ТІаккха и дешнаш тІулгах йолчу шина экъанна тІе дІа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо». «Шайна боданна юкъара аз хезча, цІерах богуш лам гича, шу суна тІе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а. Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгІазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара. Товрат-хьехамаш тІаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира.
Выбор основного перевода