Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела. Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гІуллакхаш дойтуш верг? Дера вац! Сайна Дала маьхза делла дика дІа ца тотту ас. ХІунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»
Выбор основного перевода