Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Исраилхоша Мисарахь диъ бІе ткъе итт шо даьккхинера. И хан яьллачул тІаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бІо Мисарара арабелира. Дала элира цуьнга: „Хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. ИбрахІиман а, цуьнан тІаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахІима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара.
Выбор основного перевода