Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
цу докъе дитта тІехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дІаволла, хІунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неІалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де». Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Іийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. цу хьехамийн долахь берш паргІат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.
Выбор основного перевода