Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма пирІуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгІна, Исраилан халкъ дІахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дІа а хоьцур бац». Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цІий хир ду», – элира Везачу Эло. ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас». Іесачу стеган дІакхалхарца цуьнан сатийсам а дІаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дІадолу. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо. КхоалгІачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цІий хилира. Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цІий Іанорна, Ахь цаьрга цІий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».
Выбор основного перевода