Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТІаккха пирІунан дог чІагІделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхІароне а ла ца дуьйгІира цо. ТІаккха бозбунчаша пирІуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чІагІделла Іачу пирІуно цаьрга ла ца дуьйгІира, Везачу Эло ма-аллара. ПирІуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно. Дог а чІагІдина, исраилхой дІа ца хийцира пирІуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.
Выбор основного перевода