Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». Исраилхойн къаноша хьоьга ладугІур ду. Уьш а эций, пирІунна тІегІо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Іебархойн Дела, веана тхо долчу. ДІахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дІа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагІа даккха дезаш ду тхо“. Цул тІаьхьа Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хІотто“». Цу шиммо элира: «Іебархойн Дала тІекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дІадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагІа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хІаллак ца дайта».
Выбор основного перевода