Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхІароне дІаала, шен Іаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Іаьмнашна а тІехула лаца алий. ТІаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». АхІарона шен куьг Мисаран хиш тІехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дІалецира. Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне ала, шен Іаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дІалаьцна кегийра чуьркаш хир ю». Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тІе къора кхетар ю». Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тІехула дІалаца, кху махка тІе цІоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дІадуийла цо». Мусас шен Іаса Мисар-махкана тІехула дІалецира. Везачу Эло кху лаьтта тІе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Іуьйре тІееача, малхбалерчу мохо цІоз деара. Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тІаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хІуттур бу». Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу».
Выбор основного перевода