Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Суна хаьа, пирІуно шу дІахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. Ас, Мисарна тІехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хІуманаш гойтур ду цу махкахь, тІаккха цо шу дІахоьцур ду. Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун волчу гІо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чІагІдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирІуно шуьга ладугІур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама». Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хІара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХІара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, Куьйга тІе йихкина хІума санна хуьлийла иза хьуна, хьетІехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хІунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.
Выбор основного перевода