Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас, Мисарна тІехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хІуманаш гойтур ду цу махкахь, тІаккха цо шу дІахоьцур ду. Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. ТІаккха бозбунчаша пирІуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чІагІделла Іачу пирІуно цаьрга ла ца дуьйгІира, Везачу Эло ма-аллара. Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.
Выбор основного перевода