Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккхучу меттигна тІевоьдучохь лами ма бе. Цунна тІехула шу хьаладовлуш, бедаршна кІелхьара шун дегІ гур ду“». Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза». Газа-цІушна шайн сагІанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидІа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тІедуьллуш ду иза“. Ненан йишица а, ден йишица а дІа ма вижа, хІунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дІавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дІадаллалц бераш хир дац церан.
Выбор основного перевода