Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуткъачу дуьйцинчу кІадих кучамаш тийгира. Чалба а, коьртах йоьхку хІуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кІадих. Юха дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара.
Выбор основного перевода