Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІе некха хьалха уллуш болу беза тІоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цІераш йолу ши тІулг биллира Мусас. ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тІулг левихошна дІабелла, Хьан Урим-тІулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера. Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц.
Выбор основного перевода