Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан кІентийн цІераш хІорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тІаьхьа бина кІентий бара АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Уьш яра динан дай хиллачу Далла гІуллакх дан леррина къобалбинчу АхІаронан кІентийн цІераш. АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву». Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хІоттаво адамийн дуьхьа Далла Іамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагІанаш даха а.
Выбор основного перевода