Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а ийпад цІе йолу тІехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. «Говзачу балхаца некха тІе уллу беза тІоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина хила еза иза а. «Ийпадаца юха оба е сийначу басахь. Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.
Выбор основного перевода