Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пхьераша беа могІарехь деза тІулгаш дехкира цунна тІе. Хьалхарчу могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а цІераш йолу тІулгаш дара. ШолгІачу могІарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цІераш йолу тІулгаш дара. КхоалгІачу могІарехь яхонт а, агат а, аметист а дара. БоьалгІачу могІарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тІулгаш дашо гураш чохь дара. Берриг а цу бедар тІехь шийтта тІулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, дІаязйина шийтта тайпанан цхьацца цІе яра. ГІалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тІулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгІаниг – саппир олучу, кхоалгІаниг – халкидон, боьалгІаниг – изумруд,
Выбор основного перевода