Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦІеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. ТІаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТІулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тІе берриг а исраилхошна хьалха. Мусана а, АхІаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агІор дІабирзича, царна гира четарна тІехула дІахІоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира.
Выбор основного перевода