Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас ЮшаІе элира: «Къонахий а харжий, Іамалекхахошца тІом бан гІо. Кхана, гу тІе а ваьлла, дІахІуттур ву со, Дала тамашийна хІуманаш гойту Іаса сайн буйна а лаьцна». Мусас бохург кхочушдеш, Іамалекхахошца тІом бан вахара ЮшаІ. Муса а, АхІарон а, Хьор а гу тІе хьалавелира. Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. Иштта Іамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаІа. Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагІий дажош вара Муса. Цкъа уьстагІий дажош, генна яьссачу арахула дІавахна, Хьариб цІе йолчу Делан лам тІе кхечира иза.
Выбор основного перевода