Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарона Іамминадабан йоІ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхІаронна вира Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а. АхІаронан кІенташа, Надаба а, АбихІус а, хІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цІе а, хаза хьожа йогІу хІума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цІе хийра яра, хІунда аьлча Везачу Эло царна тІе ца диллинера ишттаниг дан. ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тІехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тІе схьавалаве. Хьайца цигахь дІахІиттабе уьш.
Выбор основного перевода