Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба цу меттиган цІе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со». Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа. Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тІехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц». Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. ТІаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тІехула йолчу нартолна тІехь йолу хІума гира. Иза саппир олу беза тІулг санна лепара, иштта паччахьан гІантан куьцехь а яра иза. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.
Выбор основного перевода