Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тІе хьала ма даладе». Муса хьалаваьлча, лам мархо дІахьулбира. Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара. Везачу Эло Шен куьйга йоза тІеяздина йолу тІулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тІехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цІерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш. Шовзткъа де-буьйса дІадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тІулган ши экъа, бартбаран экъанаш. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.
Выбор основного перевода