Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Іибадат дан мегар дац, хІунда аьлча Эмгаралла Ерг цІе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. „Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. ЮшаІа элира халкъе: «Везачу Элана Іамал ялур яц шуьга, хІунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дІа ма доккхийла. Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цІе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цІу а вой, цунна Іибадат до. Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?» Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таІзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу! Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
Выбор основного перевода