Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цІа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма езийта“. Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бІаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта, Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху. Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла». Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь.
Выбор основного перевода