Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тІедиллинера: «Кхечу деланашна Іибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Іамал а ма е, сагІа а ма даккха. Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“. Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура.
Выбор основного перевода