Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Муса лам тІера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхІаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна». АхІарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кІентийн а, йоІарийн а лергех йохку дашо чІагарш, схьа а яхий, со волчу схьая». Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!»
Выбор основного перевода