Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайна боданна юкъара аз хезча, цІерах богуш лам гича, шу суна тІе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а. Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цІерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар. Кхин а цкъа вай дала йиш хІунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цІеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду. Дуй те цхьа а адам вайна санна цІерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу? ТІе а верзий, ладогІа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТІаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугІур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“. локхучу маІан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.
Выбор основного перевода