Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайна цІуш ма бе, лалийна цІуш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, тІулгех хедийна цІуш а ма хІиттабе, царна Іибадат дархьама, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. «Веза Эла Хьариб-ломахь цІеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чІогІа ларделаш. Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. „НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ Сакъералуш хуьлийла хІорд а, цунна чохь мел долу хІума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тІехь дехаш мел дерг а.
Выбор основного перевода