Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира. ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира. Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхІалгІа де Далла лерина садоІу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац». Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чІерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхІудхошна дІадохкархьама. Аса яхІудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хІума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хІун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! Изза хІума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хІокху гІалина а тІе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хІинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чІогІа оьгІазло яйта гІерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш». Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар.
Выбор основного перевода