Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала. ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. Бераш! ХІокхул тІаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догІийла яц“, иштта хІинца шуьга а боху Ас изза. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода