Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагІа хІаллаквина. Ткъа хІинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела, тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирІунна а, цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал. Цундела Хьо цІеяхана хилла дІахІоьттира таханлера де тІекхаччалц а. Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугІуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цІарах тешна Іаш а хуьлийла, шен Далла тІетевжаш а хуьлийла. Ткъа шу, цІе латош дерш, шаьш латийначу цІера юккъе гІо! Догуш долу пхерчий схьаэцнарш, шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела! Иза Сан куьйго дийр ду шуна: Іазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу.
Выбор основного перевода