Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шаьш садаІа севцча, деза тІорказ цара дІахІоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тІе!» ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду. ТІеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгІазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гІахь, ткъа и стаг, Соьгара дІа а вирзина, шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дІавоккхур ву иза, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» Иштта жамІ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дІадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дІадоккху.
Выбор основного перевода